ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудов: Нохчийчохь COVID-19 лакхарчу тIегIане кхача тарло кIира доьрзуш


Коронавирусах цомгуш хуьлучийн терахь карара кIира доьрзуш шен уггар лакхарчу тIегIане кхача тарло Нохчийчохь, дIахьедина мехкан парламентан спикера ша инстаграмехула йинчу эфирехь.

"Вайн могашаллин министра дийцарехь, вирусан болар Москвахь санна ду кхузахь. Цомгушчийн терахь карара кIира доьрзуш шен уггар лакхарчу тIегIане кхача тарло кIира доьрзуш. Цул тIаьхьа динамика шарлуш ю, лахлучу хорша ер ю. Дала мукъалахь, вай теша цунах. Амма и дерриг а хила мега, нагахь санна вай изоляцин хьал лардахь" – аьлла Даудовс.

Цо бинчу хаамца, Нохчийчохь коронавирус хьакхаеллачу 72% нахана хаалуш яц шайгара цамгар, уьш бу гонахарчу адамашна массарел а кхераме.

Коронавирусна дуьхьалоечу Оперативан штабо далийначу терахьаша гайтарехь, ун кхетта Нохчийчохь 645 вахархочунна, велла 8 стаг.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG