ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусах елла ХIирийчуьрчу поликлиникан белхахо


БуьритIерачу №3 поликлиникин белхало елла коронавирусах. 49 шо долчу зудчух ун кхетта хилар билгалдаьлча, Къилбаседа ХIирийчоьнан орцан медицинан клинике йиллина хилла иза.

"Охан-беттан 29-чу дийнахь пехаш шина а агIор дистина долуш кхачийна иза клинике. Цигахь гучудаьлла цунна коронавирус кхеттийла. Лоьрийн дан гIо дацара, реанимацехь дIаяьлла иза", - дийцира "Кавказ.Реалиига" мехкан могашаллин министраллерчу пресс-векалтан белхахочо.

Къилбаседа ХIирийчохь 200 сов медиках хьакхаелла коронавирус, дIахьедина "Осетия-Иристон" телеканалехула мехкан могашаллин министра Гогичаев Тамерлана.

Стигалкъекъа-беттан 7-чу дийнан хаамашца, COVID-19 кхетта хилар гайтина махкарчу 1436 вахархочун тесто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG