ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь: карантин йохийначунна - ун долуьйту?


Ницкъаллин структурийн белхахоша карантинан раж йохийнарш лоьций къайлахчу меттигашкахь латтабо, яздо "Кавказ.Реалии" портало.

Изоляцин раж ца ларъен нах лоьцуш, яьхна видеороликаш ю нохчийн инстаграм-аккаунташкахь яржийна. Iаьржа, я камуфляжан барзакъ а, Iаьржа масканаш а йоьхкинчу полисхоша сецабо дIасалела нах, хьовсу кехатан бакъоне, хеттарш до, мича бахьанашца арабевлла уьш.
Документ карахь доцуш, шен цIенна гена а ваьлла, шога низамаш хьоьшурш, дIалоьцу.

"Хьаьвзаш болчу некъашкахула воьдуш вара со, гучувели", - боху видео тIехь, бIаьргех куьзганаш доьхкина, автобусана юххехь лаьттачу жимачу стага.

БIаьрла ду кхузахь, автобус чохь бетах йоьхкина масканаш а йоцуш, вовшашна уллохь хевшина кхин а сецийна нах хилар. Ткъа могушаллин министралло ши метар адамашна юкъахь социалан дистанци хила езар ма хьоьху, коронавирусан пандемин хьелашкахь.

"Цхьана сахьтехь иттанашшкахь карантин йохийна нах лоьцу оха", - рапорт ло нохчийн къепенан гIаролхоша.

Телефонашца дIаязйинчу кхечу видеошна тIехь низам талхош болу кегийрхой каде дIауьду полисхойх. Шайн хIусамашна хьалха ловзуш долу бераш, кхиазхой, бела а боьлуш, баьржина дIасабовду полисхойн машенинй сирена хезча.

Ницкъахоша шайн карабаьхкина раж йохийна нах меттигерчу полицин декъе дIабуьгу, я кхечу къайлахчу меттигашкахь бертаза латтабо масех сахьтана, цаьрца кхетош-кхиоран къамелаш а деш. Дукха бу царлахь 18 шаре бовланза кхиазхой, бохуш дийцира "Кавказ.Реалии" портале меттигерчу бахархоша.

Масала, Соьлж-ГIаларчу цхьана супермаркетан белхалочо дийцарехь, полисхоша дIадигина хиллера цуьнан белхан накъостан бераш а. Шайн гергарчу йоккхачу стаге хьовса боьлхуш хиллера уьш, боху цо.

Медик-волонтер волчу Шуьйта-кIоштарчу жимачу стага хаам бира, ур-атталла, шена еллачу кехатан бакъонех а гIо ца хуьлу шена аьлла.

"Стомара юьртара араваьлла со, новкъахь сацийра, соьгахь бакъо а йоллушехь. Полицин декъан хьаькам сацаве аьлла, дIавахара, кхин гIуллакх ца луьстуш. Дуккха а нах болчу цхьана тоьли чохь латтийра со. Цхьа ши сахьт хан яьлча маьршаваьккхира, хIунда аьлча, цхьа зIе карийна хиллера сан нахана, со араваккха", - бохуш, дийцина волонтеро.

Иштта Нохчийчохь нах сецош хиларх информаци кхочу бахархошкара бакъонашларъярхошка а. Къилбаседа-Кавказерчу "Къизаллашна дуьхьало яран Комитетан" офисан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс дийцира, агрессин объект хиллачу цхьана жимачу стагаца къамел хиллера шен аьлла.

"Машанехула кхаьчна видео фейсбуке яьккхинера сан белхан накъосто. Цу тIехь гуш ду, кIантана ницкъахоша етташ. Оцу роликан тIехь волу жимастаг зIене ваьллера соьца, хьайн коллеге видео дIаяккха алахьара ахь аьлла, дехар деш. Ас хаьттира цуьнга, гIо оьший хьуна аьлла, цо дуьхьало йира, оцу ситуацех лаьцна цхьана а агIор ма дийцахьара аьлла", - боху Пискуновс.

Бакъонашларъярхочо дийцарехь, карантин йохийнера аьлла, Нохчийчохь нах шога лецна а, бакъо йоцуш уьш чохь сецийна а дуккха а меттигаш ю. Делахь а шайн Комитете латкъамбеш, зIене ваьлла стаг а вац элира Пискуновс.

Бакъонашларъярхойн зерашца, изоляци ца ларъечу нахаца шогалла лелош хиларца къаьсташ ю Нохчийчоь, луларчу мехкашка хьаьжча.

"Соьгахь информаци яц, ГIалгIайчуьра я Дагестанера полисхой карахь полипропиленан биргIа а йолуш лела, карантинан раж йохийна, урамашкахь карабаьхкинчу нахана цара турба етта бохуш. Нохчийчохь адамашна юкъахь ницкъбина меттигаш хиларх факташ ю. Полисхойх бIаьрг ма кхийтти,боьхна дIасауьду нах", - аьлла "Къизаллашна дуьхьало яран Комитетан" офисан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс.

Цо дийцарехь, бахархошна кхерам таса карахь биргIанаш лелор - низамашкахь догIуш хIума дац. "Полипропиленан биргIа - ницкъахойн инструмент яц, иза гIишлошъярехь пайдаоьцу гIирс бу. Полицех лаьцначу низамехь лело магийна яц уьш. Уьш бахархошна еттар, Оьрсийчоьнан Зуламан Кодексан 286-чу артиклца - ницкъбар ду, шайн бакъонел а совбуьйлуш.

Бакъонашларъяран "Мемориал" центран кхеташонан куьйгалхочун Орлов Олеган карахь а ду, Нохчийчохь бакъо йоцуш нах лецарх тоьшаллаш.

"Тхоьга кхочура информаци, нах дIа а лоьцу, цхьацца меттигашкахь, дуккха а адамаш цхьана а латтадо бохуш. Масала, Соьлж-ГIаларчу цхьаццадолчу полицин дакъошкахь. ХIора полицин декъахь хуьлуш йолу къайлах нах латтон меттигаш бу цигахь а. Латтабо цхьана чохь иттаннашкахь лецнарш", - аьлла, дийцина Орловс.

Бакъонашларъярхочо бахарехь, Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштахь а, ТIехьа-Мартанахь а ю цу кепара набахтеш.

Ницкъахоша лоьцуш, дIабуьгучу бахархошлахь кхиазхой а цхьаьна бу. Делахь а, царна етта аьлла, хаам бина бац шайга боху Орловс.

"Карантинан низамаш ца лардеш болу нах лоьцуш хиларца суна хIумма а вониг ца го. Бакъду, магийна йоцчу меттигашкахь и нах латтор, тIехула тIе, берриш а цхьаьна латтор - лартIахь доцург ду. Коронавирусан ун дала боккха кхерам бу цигахь", - боху Орлов Олега.

Нохчийчуьрчу ницкъаллийн структурашкара комментареш яц "Кавказ.Реалиин".

Билгалдаккха догIу, изоляцин раж йохийна нах дIалоьцуш яьхна видеороликаш социалан машанашкахь яьржича, регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедожийна, цу кепара видеош йоху нах таIзаре баха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG