Коронавирусана дуьхьалоечу Оперативан штабан тIаьххьарчу хаамца, дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь велла 4 стаг. Ун хьакхаделла 487-ннах.
Къилбаседа ХIирийчохь ши стаг велла, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а – цхьацца. Уьнах юьхьанца дуьйна беллачийн терахь кхаьчна 114-нне.
Дийнахь-буса уггар дукха дархой тIекхиина Дагестанехь. Дийнахь-буса а, ун даьржичхьана схьа а цомгуш хиллачийн терахьаш иштта ду:
- Дагестан +105 (2372 юьхьанца дуьйна)
- ГIебарта-Балкхаройчоь +83 (1008)
- Краснодар-мохк +99 (1633)
- Къилбаседа ХIирийчоь +89 (1342)
- ГIалгIайчоь +49 (1067)
- Ставропол-мохк +23 (887)
- Нохчийчоь +29 (674)
- Кхарачой-Чергазийчоь +6 (463)
- Адыгей +4 (206)
- Верриг а коронавирус кхеттарг ву Къилбаседа Кавказехь 9 652 стаг.