ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь пачхьалкхашлахь 5-чу меттехь ю ун даржарца


11 231 стагаца хааделла ун Оьрсийчохь тIаьххьарчу дийнахь-буса, велла 86 стаг, коронавирусана дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца.

Пандеми йолаелчхьана схьа 180 эзар вахархочунна кхетта COVID-19. Беллачийн терахь кхаьчна 1625-нне.

Хьалхаяьлла Оьрсийчоь уьнан дарашца Германел а, Францел а, пачхьалкхашлахь пандеми яржарца кхаьчна 5-чу метте.

Халкъан хьаштийн урхалло Роспотребнадзоро бахарехь, 170 эзар тест йина бахархошна. 230 эзар сов стаг ву лоьрийн тергонехь.

Шех «белхан доцчу денойн режим» олу мур Оьрсийчохь чекхболу Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь. Кхаа этапехь юхабохур бу коронавирус бахьанехь бина бехкамаш, аьлла Роспотребнадзоро. Ткъа карантин малъяр дуьсу регионийн куьйгалхойн карахь.

Амма Москван мэра Собянин Сергейс дIахьедина, кху беттан 11-чохь а маллур дац шахьаран бахархошна цIахь совца хIоттийна хьал, аьлла. Магор дац Москварчу бахархошна цкъачунна спортан барамаш дIабахьа, мохе бийла, бохург ду иза.

Оцу юкъанна болабойту шайн белхаш индустрин, гIишлояран компанешка. Ткъа къевлина юьту нехан хьашташ кхочушден фирманаш а, салонаш а. Эпидеми яьржичхьана схьа Москвахь COVID-19 хааелла 92 эзар вахархочуьнгахь, велла уьнах 900 сов стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG