ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БуьритIехь кхо парад дIаяьхьна ветеранаш бехачу цIеношна хьалха


Дуьненан шолгIачу тIеман ветеранаш чохь бехачу БуьритIерчу тIекIелдинчу кхаа цIенна хьалха Оьрсийчоьнан лерринчу ницкъийн Росгвардин дакъоша кегий парадаш хIиттийра пIераскан Iуьйрана.

Селезнёв Иван а, Пруссакова Владимир а, Чернов Иван а вехачу цIеношна гергахь оркестро лекхира тIеман заманарчу эшарийн мукъамаш, цул тIаьхьа Росгвардин дакъош, карахь Орсийчоьнан а, Толаман а байракхаш а йолуш, чекхбевлира ветеранийн корашна хьалхахула.

Дуьненан шолгIачу тIеман 112 ветеран дийна ву тахана Къилбаседа ХIирийчохь.

Изза барамаш бу дIахьош коронавирус яржарца доьзна адамашна гулдала дихкинчу Къилба ХIирийчохь кхучу меттигашкахь а. Дийна висинчу 12 ветеранна лерина, мехкан куьйгалхойн омрица, тIеман декъашхой бехачу цIеношна гергахь кегий парадаш хIиттийна цигахь.

Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь, Толаман де даздеш, массех беракема хьаьвзар ду БуьритIехь стигалхула. Сарахь салют лур ю яккхийчу тоьпашца. Амма магош дац бахархошна изоляцин хьелаш дохон.

1 342 тесто гайтина коронавирус Къилбаседа ХIирийчохь. Карантинехь ву 1000 сов вахархо. Велла керлачу уьнах 9 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG