ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Балконаш тIера вовшашца къамелаш дойла ю



Абхазера курсанташ Оьрсийчуьра цIабирзина. Муха ларйо цара карантин?

БIеннашкахь абхазхойн студенташ бу Оьрсийчохь доьшуш. ХIинца тобанашкахь даймахка юхабогIуш бу уьш, бохуш, яздо "Кавказ.Реалии" портало. Хьалха еллачу информацица, царах цхьа дакъа шаьш доьшучу меттигашкахь анализаш дIалуш бу. ХIетте а, Абхазехь а уьш тестех чекхабохур болуш бу.

Журналистан Когония Элеонорин кIант доьшуш ву Буденныйн цIарахчу зIенан ТIеман академехь. Хьалхо Абхази цIавеана иза карантине хаийна, леррина цIа баьхкинчарна кечйинчу "Айтар" пансионатехь.

"Суна муха хетий? Нагахь санна, аш кухазахь хан яккха еза аьлла, берриш а дIатарбиний, тIаккха иштта дан дезаш хилла-кх, нийса ду-кх хIара. ХIаъ, эр вай, суна-м сайн цIахь гIоле ма дарий, делахь а низамаш дохо ца лаьа суна. Кегийрхой Москвара цIа баьхкина бу, оцу агIор аьлча, лелош болу барамаш нийса бу", - боху Когонияс.

Пансионатехь латточарех цхьаъ ву Алхас (цуьнан дехарца бакъйолу цIе хийцина). Оьрсийчуьра студенташ а, курсанташ а цIа бахкарца Абхазин бахархоша сагатдарх кхеташ ду шаьш боху цо.

"Дозанехь тхуна дуьхьал яийтина автобус яра. Тхоьга дийцира, карантинехь муха низамаш лардан деза. Цхьана чохь шиъ-кхоъ нисвеш, дIатардира тхо. Юкъарчу коридорчу довла а бакъо яц тхан, уьйтIе-м хьехор яцара. Со уггар а кхоьрург хIун ду аьлча, тахана сан доьзалехь цхьаннах хIара сингаттам Iотталахь, вайн Iедалхой а санна, дан хIума а доцуш вуьсу-кх со. Дарбадан гIирсаш кIезиг ма бу", - бохуш, дуьйцу жимчу стага.

Стигалкъекха-беттан 5-чу дийнахь "Айтар" пансионтаехь верриг а 111 стаг вара, царах доккхахдолу дакъа - тIеман лакхарчу а, юккъерчу а доьшийлийн студенташ бу. Иштта карантинах чекхйоккхуш ю, коронавирусан инфекци йолчу кхаа стагаца болх бина, медикийн цхьа жимо тоба а.

Кхин а иттаннашкахь студенташ тIебалор бу, бохуш ду. "Айтарехь"бехаш болчу курсантийн вовшашца балконаш тIера бен къамелаш дойла яц.

Нагахь санна, хьан хIусамчуьра кораш некъехьа делахь, гуттар аьтто хилла хьан ала мегар ду. ХIунда аьлча, кевнел арахьа шен гергарнаш гойла ду - царна дихкина ду пансионатан территори тIе бовлар.
Магош ду студенташна а, курсанташна а юург-мерг а, кхийолу оьшург а тIеян а. Кевнехь юьту цара шаьш еанарг.

Пансионатехь хан яккхар мехаза ду. Бакъду, дийнахь кхоазза юучух кхетарна 460 сом дала деза. Нагахь санна, цIера еанарг а юуш хьо Iаш хилча, мах бала ца беза.

ХIора сахьт дIа мел долу курсантинй дегIан температура юстуш ю, журнал тIе дIа а язъеш. Пачхьалкхан могушаллин министралле дIакхачош ю йоллу а информаци.

Карантинан низамаш лардарна тIехьтерго латтош ю пансионатан белхахоша а, лоьраша а, полисхоша а.

Коронавирусан инфекцица нах бац Абхазехь. Верриг а республикехь лазар текхнарг кхо стаг ву. Шиъ дарбан цIийнера араваьккина, гIоле а хилла. Ткъа 95 шо долу къано кхелхира.

Ша-шена маршо кхайкхийначу Абхази республикехь пайдаоьцу топономи а, терминологи а хила тарло кху текстаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG