ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Товбецан-беттан 1-чу дийнахь туристашна доза доьллур ду Гуьржийчоьно


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Арахьарчу туристашна махка бахка некъ боьллур бу Гуьржийчоьно Товбецан-беттан 1-чу дийнахь. И хаам бина Iедалан куьйгалхочо Гахария Георгийс. Оцу дийнахь пачхьалкх дагахь ю машенийн а, кеманийн а некъаш маьршадаха, аьлла премьер-министра.

"Оха некъаш доьллур ду, луларчу мехкашца долчу дозанашкахь кхерамзаллин хьал а чIагIдеш, туризман маьIнехь пайдейолчу пачхьалкхашца бертан къамелаш а деш", - аьлла Гахарияс.

Министрийн кабинетан куьйгалхочо бахарехь, Тбилисехь а, Руставехь а Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь юхабохур бу нахана дIасалела кхайкхийна бехкамаш. РогIерчу деношкахь некъаш достур ду Гуьржийчоьнан кхечу кIошташкахь а.

Орцан хьал ду Гуьржийчохь лелаш Стигалкъекъа-беттан 22-чу дийнналц. 21.00 - 06.00 хена чохь бакъо яц бахархойн арахь нисбала. Дихкина лаьтта цхьайолчу гIаланашна юкъара некъаш хIинца а.

Хопкинсан университетан терахьаша гойту Гуьржийчохь коронавирус лаьцна 615 стаг хилар. Велла цигахь уьнах 9 вахархо, товелла 275.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG