ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Артиста Алсус ахча дахьийтина Дагестанерчу могашалла Iалашъечу хьукматашна


Дагестанерчу информацин агенталло бечу хаамца, махкарчу дарбан хIусамашна ахча хьажийна евзаш йолчу Оьрсийчуьрчу эшарлакхархочо Алсус.

Деллачу ахчан барам бовзуьйтуш бац. Дагестанерчу дарбан хIусамашна уьнах адамаш ларден духар а, молханаш а оьцур ду Алсус динчу сагIанах.

Коронавирусана дуьхьалоечу Оперативан штабо бахарехь, 2 372 стаг ву Дагестанехь коронавирус кхетта. Товелла 391 вахархо. Велла уьнах 16. Карантинехь латтош ву Дагестанехь 3 667 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG