Къилбаседа Кавказера ши республика, ГIалгIайчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а ю Оьрсийчохь бахархошна кхочу рицкъ уггаре лахара долчу мехкийн могIарахь шолгIачу а, кхоалгIачу а меттехь.
Массанхьачул а кIезиг кара рицкъ кхочу бахархой болчу регионийн рейтинг иштта ю:
- Тыва - 34,7% бахархой буьсу тоъал рицкъ доцуш
- ГIалгIайчохь - 30,5%
- ГIебарта-Балкхаройчохь - 24,2%
- Алтайхь - 24,2%
- Жуьгтийн автономин махкахь - 23,9%.
Оьрсийчуьрчу стистикан Росстат урхаллина тIе а тевжаш, News.ru портало бечу хаамца, массанхьачул кIезиг бу рицкъ сов лахара кхочу нах Ямал-Ненцойн автономин махкахь а (5,6%), ГIезалойчохь а (6,9%), Петербургехь а (6,6%), Москвахь а (6,6%).
Хьалхо баьржинчу хаамаша гойтура Оьрсийчохь уггаре йоккха белхазалла хиларца дIадахначу шеран шина баттахь а, карачу шеран хьалхарчу баттахь а билгалбевллачу мехкашлахь ерриг а Къилбаседа Кавказера республикаш юйла.