ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан адамийн бакъанашкахула йолчу кхело Оьрсийчоь декхарейо цомгуш долчу Кисловодскерчу берана молха эца


Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело дуьххьара кхайкхам хьажийна Оьрсийчоьне дилх телха цамгар йолчу берана оьшучу молханца гIодар доьхуш.

Кисловодскерчу кхело ах шо долчу меттигерчу Кешишянц Адина гIодан Iедалхой декхаре биннашехь, цунна оьшу деза молха "Спинраза" эца реза ца хилла Ставропол-мехкан Iедал. Европан кхело, хан яйар беранна кхераме дуйла а кхетош, листа ца даьккхина йоьIан ден-ненан арз, амма декхарейина Оьрсийчоь беранна сихонца молха хилийта.

Дилхан атрофи йолуш, халчу хьолехь ю Кешишянц Ада. Наггахь бен хаалуш а йоцчу оцу цамгаро вочу хьолехь латтадо бер. Охан-беттан тIаьххьарчу деношкахь кхин а халачу хьоле яьлла цуьнан могашалла, сеца садаIар, дарбан хIусамехь ю иза.

Лоьраша 2020-чу шеран Чиллан-баттахь официалехь протокол хIоттийна, дилхан атрофи юхайоккхуш Оьрсийчохь ша цхьаъ бен лоруш а доцу "Спинраза" молха ца хилча ца долу йоIананна, аьлла. И маха бу беранна массийтазза тоха безаш. Ткъа доккху цуьнан цхьана дозех 7,5 миллион сом сов ахча. Дилхан атрофи йолу адам мел деха а лелон дезаш хуьлу дарба "Спинразица".

Карарчу муьрехь Кешишянц Адина Zolgensma молха эца ахча гулдеш бу могIарера бахархой. Оцу молхано, дуьхьало йо дилхан атрофина. Тоха беза и маха Адина цуьнан ши шо кхачале. Амма и молха дуьнентIехь уггаре дезаниг ду – 2 миллион сов доллар бу цуьнан мах.

Кеп-кепарчу хьастийн хаамашца, дилхан атрофи йолуш 2800–3500 стаг ву Оьрсийчохь, шайлахь ши шо кхачаза 100 гергга бер а долуш. "Спинраза" цомгушчарна эца декхаре ю регионашкара могашаллин урхаллаш, амма шайна ахча тоьуш дацаре терра, ца оьцу цара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG