ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайлахь дуккха а нохчий а болуш, мухIажираш бехачу Венерчу пансионатехь коронавирус гучуяьлла


Къилбаседа Кавказера мухажираш чохь бехачу Венерчу пансионатехь коронавирус карийна. «Эдберган Ца» олучу оцу хусамехь веха тховкело йоьху 400 мухажир. Цигарчу 26 стагаца хааделла ун, царалахь ву пансионатан 4 белхахо а.

COVID-9 дIаса ца яржийта йолчу Iалашонца, иза хаалушшехь, пансионатера мухIажираш кхечу меттигашка дасабаха сацам бина гIалин Iедало.

"Дукхахберш Messe Wien центран гIишлонашка датарбина, кхиберш кхечу мухажирийн хусамашка хьовсийна, цомгуш хилларш дарбан хусамашкахь бу",– элира "Кавказ.Реалиига" кризиснан центран координатора Хубер Андреаса.

Пансионатехь баьхна мухIажираш тестех чекхваьккхина лоьраша. Амма тест шайна яйта цалуурш а бевлла: Iедало мухIажираш тергалбан, "чипаш хIиттош ю", боху эладита лела царалахь.

Тестах чекхбовла дуьхьалойинчех ву "Кавказ.Реалиица" къамел дина 40 шо долу нохчо. Ша шен туй зейта лууш вацара, амма шена тестах чекъх ца валахь 500 евро гуда тухур дуйла хаийтира, тIаккха ша реза хилира тест дIаяла, элира цо.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG