ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра карантин лагIъян дагахь ву Кадыров


ТIедогIучу кIиранах дуьйна Нохчийчохь лагIбан болор бу коронавирусаца доьзна хIиттийна бехкамаш. Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь махкахь болхбан юьйлалур ю нехан хьашташка хьовсу кегий фирманаш.

"ТIедогIучу кIиранах кегий фирманашка болх болабайта сацамбина ас. Йоьллур ю кегий туьканаш. Иза дIахаийтина вайн вешига, Соьлж-ГIалин мэре Хаджимурадов Iисага а", - аьлла мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен "ВКонтакте" машанерчу агIонехула.

Стигалкъекъа-беттан 8-чу денна COVID-19 шайца хилар билгалдаьлла ву Нохчийчохь 705 стаг. Официало бахарехь, велла уьнах 8 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG