ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра уьнах лаьцна яржочу статистиках ца теша бакъоларъярхой


Адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центро дехар хьажийна ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнга Калиматов Махьмуд-Iелига коронавирусах долу махкара терахьаш билгалдахар доьхуш. Уьш цигахь кеп-кепара ду, чIагIдо Центро.

Официало бахарехь, Стигалкъекъа-беттан 8-чу денна коронавирусах 28 стаг ву ГIалгIайчохь велларг. Амма и терахь бакъдоцчух тера ду, боху "Мемориало". ГIалгIайчоьнан контитуцин кхелан куьйгалхочо Гагиев Аюба далийначу терахьашна тIе а тевжаш, дина Центро и дIахьедар – Гагиевн информацица, 50 сов стаг велла коронавирусах махкахь. Изза терахьаш даладо Iедална герга долчу "Розыск Ингушетия" а, оппозицерийн "Главком РИ" телеграм-каналаша а.

"Пандемица латтош болчу къийсамца доьзна нахана Iедалх чекх са ца гайтархьама" дехна "Мемориало" Калиматовга бакъдерг довзийтар.

Официалерчу терахьаца, COVID-19 гучуяьлла ГIалгIайчуьрчу 1108​ вахархочуьнца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG