ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьа стаг кхелхина коронавирусах, кхин а 518 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса


Stavropol, Stavropol Territory, coronavirus, mask, masks, Ставрополь, маска, маски, коронавирус
Stavropol, Stavropol Territory, coronavirus, mask, masks, Ставрополь, маска, маски, коронавирус

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь цхьа стаг велла коронавирусах, цомгуш хилла – 518.

Коронавирусна дуьхьалоечу Оперативан штабо далочу керлачу терахьашлахь цхьа стаг ву Оьрсийчохь беллачех Дагестанера. Верриг а уьнах велларг ву Къилбаседа Кавказехь 118 вахархо.

COVID-19 массанхьачул дукха хааелла дийнахь-буса Краснодар-махкахь – 98 стагехь.

  • Краснодар-мохк +98 (1830 юьхьанца дуьйна)
  • Дагестан +92 (2560)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +79 (1168)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +69 (1505)
  • Ставропол-мохк +69 (1012)
  • ГIалгIайчоь +44 (1152)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +31 (509)
  • Нохчийчоь + 28 (733)
  • Адыгей +8 (220)

Оперштабо бахарехь, ерриг а Оьрсийчохь ун хьакхаделла 198 676 стагах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG