ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дарбан хIусамо ун кхетта медикаш гIоьнан чоьнашкахь кхабар толлуш ю Дагестанан прокуратура


Дагестанан прокуратурин информацица, коронавирус кхетта нах тобеш хьийзачу юкъанна шайца пехийн лазар гучудаьлла медикаш йиттина хIуманаш якъаечу чоьнаш чу бохкуш хилла Дербентерчу дарбан цIийнан инфекцин декъехь куьйгалхоша. Шина дийнахь кхаьбна медикаш иштачу хьелашкахь дарбадеш.

"Кавказ.Реалиино" хьалха хаийтина ма-хиллара, оцу дарбан хIусамерчу гIоьнан чоьнаш чохь вирус лаьцна медикаш Iохкуш гойту видео яьржира Охан-баттахь. Харцо Iораяьлча талла долийра прокуратуро медикашна оьшшучу хьолехь дарбадеш цахилар.

Прокуратуро бахарехь, хIинца ма-доггIу дарба лелош ду Дербентерчу медикийн персонална. Хилам бахьанехь даржашкара вохийна дарбан цIийнан коьртачу лоьран гIовс а, эпидемиологин декъан куьйгалхо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG