Пенсин фондан куьйгаллехь лаьттинчу Абдурашидов Омарехула тIемалошна 2018-чу шарахь 160 эзар сом хьажор толлуш зуьйш волчу, оцу муьрехь ХIинжа-ГIалахь полицин буьйранча Iийначу Ашиков Раипна коронавирус кхетта изоляторехь, хаамбина цуьнан адвоката Магомедова Сапията.
Магомедовас бахарехь, дан ма-доггIу дарба дац Ашиковна деш. "Тхоьгахь болчу хаамца, изоляторерчу дарбан декъе дехьаваьккхина а вац иза. ХIун дарба дуьйцийла ду, изоляторехь массо а цамгарна дуьхьал цхьа аналгин бен луш а ца хилча? Изоляторехь карантин ю, бохуш, цхьа а хIума яц цуьнга дIайолуьйтуш. Таллам боьдучу юкъанна, изоляторера ФСБ-н урхалле вуьгуш даьллачух тера ду цунна ун", - элира "Кавказ.Реалиига" адвоката.
Магомедовас шена цхьа а меттиг ца карайо арздан, массо а хьукматаш къевлина ю, боху. Ашиков цомгуш хиллийла хиина цунна иза лаьцна кхобу хан яхъян кхел гулъелча.
Шена харцо лелайо, ша бехке вац, чIагIдо Ашиковс. Оьрсийчоьнан Пенсин фондан Дагестанерчу урхаллин а, махкарчу Росссельхозбанкан филиалан а коьртехь Iийначу Гаджимагомедов Гитиномохьмада кхоьллина шена тIе доцург, боху цо. Ткъа Абдурашидовс массийтазза дIахьедина, шега полицехь етташ дайтина Ашиковна дуьхьал тоьшаллаш, аьлла.
Лаьцначунна дарба ца до, аьлла, адвоката Магомедовас динчу дIахьедаран хьокъехь Дагестанерчу набахтийн системин урхаллера комментари оьцийла ца хилла "Кавказ.Реалиин".