ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчохь пехийн цамгарх велла лор а, дарбан цIийнан машенлелорхо а


Лор а, дарбан хIусаман машелелорхо а велла Къилбаседа ХIирийчохь. Даьржина лелачу уьнан битамаш хилла цаьрца, амма тесташца билгалдаьккхина дац коронавирус кхетта уьш хилар. Ишта хаамбина "Кавказ.Реалиига" веллачу лоьран накъосташа а, медицинан орцан станцин белхахоша а.

"Вовшех вирус кхетта хила тарло царна, цхьа де бен юкъа ца дулуш кхачийна уьш реанимаце: кху беттан 6-чу а, 7-чу а деношкахь", - элира ХIирийчоьнан могашаллин министраллерчу пресс-векалтан белхахочо.

Коронавирус яьржичхьана схьа Къилбаседа ХIирийчохь велла 12 стаг. ТIаьххьарчу дийнахь-буса кхелхина царех шиъ, 72 а, 29 а шераш долу зударий. COVID-19 кхетар билгалдаьллачул тIаьхьа беллачаралахь а ву цхьа лор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG