ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса коронавирусах велла ши стаг. Ун карийна кхин а 472 стагехь


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь, коронавирусана дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, ши стаг велла, ун кхетта кхин а 472 вахархочунна.

Белларш бу Краснодар-махкара а, ГIалгIайчуьра а цхьацца стаг. Юьхьанца дуьйна велла Къилбаседа Кавказехь 120 вахархо.

Уггаре дукха бу дийнахь-буса COVID-19 шайца хилар тесташа билгалдаьккхина нах Краснодар-махкахь.

Дийнахь-буса а, ун даьржичхьана схьа а цомгуш хиллачу къилбаседа-кавказхойн терахьаш иштта ду:

  • Краснодар-мохк – керла + 99 (1 929 юьхьанца дуьйна)
  • Дагестан +93 (2 653)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +77 (1 245)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +70 (1 575)
  • ГIалгIайчоь +47 (1 199)
  • Ставропол-мохк +38 (1 050)
  • Нохчийчоь +26 (759)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +18 (527)
  • Адыгей +4 (224)
  • Ерриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 шайца хааелларг ву 11 161 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG