ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Медицинан белхахо елла коронавирусах Къилбаседа ХIирийчохь


Къилбаседа ХIирийчуьрчу Ардон кIоштан дарбан хIусамера медйиша дIаяьлла реанимацехь. Лабораторино COVID-19 кхетар тIечIагlдинера цунна.

"Цамгар цIахь лайра цо, амма дарбан хIусаме йигира чIагIъелча. Вирусо халчу даьккхинера цуьнгара хьал", - боху Ардонерчу муниципалитетан официалерчу инстаграм-аккаунтехь.

Виъ медицинан белхахо велла пехийн цамгарх Къилбаседа ХIирийчохь тIаьххьарчу кIиранах. Хьалхо хаам баьржира поликлиникера а, дарбан хIусамера а цхьацца лор а, медицинан орцан машенлелорхо а кхалхарх лаьцна.

Тесташкахула 1 575 стагаца хааелла вирус Къилбаседа ХIирийчохь Стигалкъекъа-беттан 10-чу денна.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG