ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мархин беттан дуьхьа декхарш дитар даьржина Нохчийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Рамадан-баттахь шайн декхархошна къинтIера а буьйлуш, ахчанаш сагIийна дуьту флешмоб яржийна Нохчийчуьрчу кхачан, духаран туьканийн а, машенаш тоечу станцийн а, аптекийн а, кхечу фирманийн а дайша.

БIеннашкахь ю социалан машанашкахула, шаьш "шайн декхархошна Делан дуьхьа дуьту схьадалаза дисина ахча", аьлла хаам баржийна туьканаш. Шаьш айбина болам дIабахбар доьху цара кхечу долахошка а.

Шина ойланца бу болам тергалбийраш: цхьаболучара баккхийберца тIеэцна декхарш дитар, хIора шарахь хила деза иштта, боху; кхиберш тешна бу, оьзда хила веза декхархо, шен хенна дIадала деза цо нехан ахча бохучух.

Рамадан-бутт болабелла Охан-беттан 24-чу дийнахь. Оцу берриг а баттахь, юучух сарахь бен ца кхеташ, марханаш кхаба декхаре ву могуш-маьрша волу хIора бусалба. Хьоьху царна мецачу наханна кхача балар а, сагIадар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG