ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 вирусах кхин а цхьа дархо велла Нохчийчохь. Ун даьлла 26-нна


Коронавирусан инфекцех Нохчийчохь уьссолгIа пациент велла аьлла, хаам бина могушаллин министро Сулейманов Эльхана. "Новости" агенталло Iораяьккхина цунах информаци.

"Лоьраш каде хьийзашшехь, эпидеми яьржичхьана 9 стаг велла вайн", - аьлла Сулеймановс "Грозный" телеканалан эфирехь.

Министро бахарехь, тIаьххьарчу информацица, верриг а махкахь ун даьлла ву 759 вахархо, царах 369 дарбан хIусамашкара аравалийтина, гIоле а хилла.

Иштта, тIаьххьарчу дийнахь а, буса а кхин а 26 стагаца къаьстина COVID-19.
Шотадийнахь республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бира, пандеми бахьана долуш кхайкхийна карантинан раж, кху кIиранах малъян волалур ву ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG