ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 ун даьлла нах сов хиларца дуьненчуьрчу мехкашлахь 3-чу меттигехь ю Оьрсийчоь


ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Оьрсийчоьнан 84 регионехь коронавирусан ун даьлла 11 656 вахархочунна аьлла, хаам бо вирусна дуьхьал къийсам латто вовшахтоьхначу оперативан штабо, яздо "Коммерсанто".
Цхьана дийнахь цомгуш хиллачийн рекорде терахь ду иза. Де хьалха 11 012 пациент вара COVID-19 вирус йолуш. Верриг а ун кхетта ву 221 344 стаг.

Инфекци яьржина нах дукха хиларца Италел а, Великобританел а хьалхаяьлла Оьрсийчоь дуьненчуьрчу пачхьалкхашлахь 3-чу меттигехь нисъелла.

Яхначу буса а, дийнахь а коронавирусах велла 94 пациент. Цул хьалха 88 вара кхелхинарг.

Эпидеми иккхичхьана COVID-19 вирусах велла верриг а 2 009 стаг. Дарба хилла тIаьххьарчу буса а, дийнахь а 5 495 вахархочунна. Ткъа йоллу заманчохь товелла 39 801 пациент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG