ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь ун даьлла кхин а 506 вахархочунна. Велла 2 дархо


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь, коронавирусана дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, ши стаг велла, ткъа ун кхетта кхин а 506 вахархочунна. Кхелхина шиъ Дагестанера ву. Верриг а Къилбаседа Кавказехь 122 пациент велла COVID-19 вирус хилла.

Уггаре дукха бу дийнахь-буса COVID-19 шайца хилар тесташа билгалдаьккхина нах Дагестанехь.

Дийнахь-буса а, ун даьржичхьана схьа а цомгуш хиллачу къилбаседа-кавказхойн терахьаш иштта ду:

Дагестан + керла 119 (юьхьанца дуьйна 2772)
Краснодар-мохк – +98 (2027)
ГIебарта-Балкхаройчоь +80 (1325)
Къилбаседа ХIирийчоь +72 (1647)
ГIалгIайчоь +46 (1245)
Ставропол-мохк +34 (1084)
Нохчийчоь +28 (787)
Кхарачой-Чергазийчоь +12 (539)
Адыгей +17 (241)
Ерриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 шайца хааелларг ву 11 667 стаг. Оперативан штабан зерашца, йоллу Оьрсийчохь коронавирус къаьстина 221 344 вахархочуьнца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG