Тоьках тIехьарчийна декхар схьагулдеш, болх болабе аьлла, дIахьедийна Нохчийчохь. WhatsAppан месенджерехула дIасабаржийна цу хьокъехь аудио хаам, яздо "Кавказ.Реалии" портало. Пачхьалкхан Думан депутатан Делимханов Адамчух тера долчу озехь хаам бечо боху, "стратегин объект" лоруш ю энергин сфера.
Цу юкъахь болх бечаьрга массаьрга а кхайкхамбо аудио тIехь, нехан хIусамашкахула чекхбуьйлуш, тоьках а, кхинболчу энергин гIирсех а ахчанаш схьагулде аьлла. Делимхановс бахарехь, декхарш схьалахьор тIедожийна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Iедалхойн инициативано эргIадбахийтина цхьамогIа меттигера бахархой. Ахча даккха таронех хаьддачу нахера декхар муха схьадоьхур ду, бохуш, хоьтту WhatsApp-хь цхьаммо.
Иштта, хаттаршка вуьйлуш ву анониман кхин цхьа комментатор а: "10 эзар (сом) пенсица батте волийла дуй, цунах юур-мерг а, молханаш а оьцуш, ясакх дIа а токхуш?"
Охан-бутт болабелчхьана комендантан сахьт ду Нохчийчохь юкъадаьккхина. Ткъа оццу беттан 17-чохь республикехь коронавирусаца доьзна, шога карантинан раж кхайкхийра. Кхин а хьалхе дуьйнна дихкина дара бахархошна кIиранан дийнахь чуьра ара бовла а, транспортах пайдаэца а.