ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европерчу цхьайолчу пачхьалкхашкахь карантин лагIйина


Дуьненчуьрчу цхьа могIа пачхьалкхаша, шайлахь Европан мехкаш а долуш, коронавирусаца доьзна кхайкхийна карантинан раж оршотан дийнахь дуьйна малйина. Германехь схьайиллина яккхий туьканаш, адамашна бакъо елла вовшашна тIеттIа даха а, цхьайолчу регионашкахь болх бан юьйлаелла ресторанаш а.

Швейцарехь схьайиллина юккъера школаш а, туьканаш а, кафеш а, музейш а, кхинйолу хьукматаш а.

ДIасаваха карахь бакъо а йоцуш ураме бовла йиш ю Францин бахархойн а. Болх бан йолалуш ю туьканаш. Ресторанаш а, бараш а цкъачунна йоьллуш яц.

Чехехь йохка-эцаран туьканаш а, хазаллин салонаш а, кхийолу адамашна хьашташ латтон сфераш а, аьхкенан кафеш а схьайиллина. Нагахь санна, чохь бIеннал сов стаг хир вацахь, бакъо елла кинотеатрашна болх бан а. Делахь а, пачхьалкхехь шен хIусамера араваьллачул тIаьхьа бетах масканаш лелор тIехь дуьссу.

Карантинан низамаш лагIдина, ун даьллачу нехан терахь де дийне кхуьуш доллушехь, иштта ХIиндойчохь а, Керлачу Зеландехь а.

Дуьххьара карантинца доьзна тоьхна дозанаш даста йолаелира Украина. Оршотан дийнахь дуьйнна магош ду цигахь туьканашна белхаш бан а. Болх болийна хазаллин салонаша а, аьхкенан ресторанаша а, кафеша а. Юкъарчу тарнспорт тIехь балха лелар хьалха а санна дихкина дуьту Украинехь.

ТIаьххьарчу 24 сахьатехь Европан мехкашкарчу бахархошлахь ун далар лахделла догIу. Иштта кIеззиг ду инфекцех баларш а.

Карарчу беттан 4-чохь малйира карантин Италехь а. Хьалха а санна, изоляци латтош ю Британехь а, Испанин цхьа могIа гIаланашкахь а, иштта Оьрсийчоьнан дукхахйолчу регионашкахь а.

КарабогIучу беттан 15-чу дийне кхаччалц дозанаш къевлина дитар хьоьху Еврокомиссино.

Кху беттан 11-чу дийнахь динчу зерашца, дуьненчохь 4 миллион 200 эзар стагаца коронавирусан инфекци ю. Кхелхина 280 эзар сов пациент.


Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG