ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь тIеман зуламаш дарна Оьрсийчоь бехкейо Amnesty International организацино


Шеман къилба-малхбалерчу гуманитаран объекташна кеманашца тохарш дарна бакъонашларъяран Amnesty International организацино бехк биллина Шеман Iедалхошна а, царна тIехIоьттинчу Оьрсийчоьнна а. ТIеман зуламаш ду ала тарло уьш аьлла, дIахьедина бакъонашларъярхоша.

Де хьалха зорбане даьккхинчу шен рапортехь Amnesty International организацино дуьйцу, документашца тоьшаллаш а далош, артиллерица а, хIаваэхула а Идлиб провинцина 18-зза тохарш дарх стохка Стигалкъекъа-баттера кху шеран Чиллан-батте кхаччалц.

Президентаца Асад Башарца тIемаш бечу Шеман оппозицин карахь ю, Евфрат хин малхбузера Идлиб провинци.

Бомбанаш еттачу заманчохь йохийна школаш а, дарбан хIусамаш а, бохуш, чIагIдо Amnesty International-о. Рапортан тIехь дуьйцучу 18 тохарх, мел лахара а, 7 тIелатар оьрсийн авиацино дина ду бохуш, чIагIдо цо.

Масала, дуьйцург ду, 2020-чу шарахь Арих гIалахь дарбан цIийнан бомбанаш тохар. ХIетахь 11 стаг вийра.

Маьршачу объекташна бомбанаш еттар а, артиллерин тохарш дар а бакъонашларъярхоша дуьненаюкъара гуманитаран бакъо йохор ду, уьш тIеман зуламаш санна листа догIу аьлла.

Идлибехь болх бечу журналисташа а, "Белые каски" организацин векалша а хаамаш бо, бахархойн объекташна тохарш дина дуккха а меттигаш хиларх а, маьрша нах цигахь байарх а лаьцна. Оьрсийчочьнан арахьарчу гIуллакхийн а, тIеман а министраллаша шайга кхийдо бехкаш тIе ца дуьту, ткъа "Белые каски" организаци террорхошца уьйрашкахь ю бохуш, даредо цара.

Официалан Димаьшкъа емалйина бакъонашларъярхоша, хаа а хууш, Идлиб гIалара оппозицин ницкъаш бовдийтархьама бахархойн гIишлошна тохарш до бохуш.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло зерашца, бIеннашкахь эзарнаш наха дIатийсина шайн хIусамаш пачхьалкхан ницкъаша шо долалуш тIелатарш долийча.

Бакъонашларъяран Amnesty International организацин рапорт цкъачунна дийцаре даьккхина дац Оьрсийчоьно. Хьалхо бакъонашларъярхойн бехкаш юхатоьттура Москвано, оьрсийн эскарша террорхойн позицешна тIе бен герзаш детташ дац бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG