Карантинан раж юхаяккха Iалашо яц нохчийн Iедалхойн. Инстаграмехь йоьдучу шен эфирехь бина цунах лаьцна хаам парламентан спикеро Даудов Мохьмада.
"Ватсапехь даржийна хаттарш: бакъ дуй, нах балха арабуьйлуш бу бохург? Бакъ дуй, изоляцин раж чекхъяьлла бохург? И аьттехьа а бакъ дац! Махкахой, шу нийса ца кхетта", - аьлла Даудовс.
Цо бахарехь, тоьхна дозанаш кхаа муьрехь достур долуш ду.
"Вайн куьйгалхочо, Рамзан Ахматовича, Дела реза хуьлда цунна, оперативан штабана тIедиллина тахана а, кхана а, шен-шен муьрехь карантинан рожера арадовла план кечъе аьлла. Оха хьесап дийр ду, уггар хьалха дукха адам гуллуш доцу объекташ схьаелла. Тхайн план паччахьана гойтур ю оха", - билгалдаьккхина праламентан спикеро.
Даудовс дехар дина бахархошка, карантинан раж малйина бохуш, харц информаци ца яржош, мехкан урхалхочо хаам баллалц сатохахьара аш аьлла.
Нохчийчохь Охан-бутт карабеачхьана комендантан сахьт ду кхайкхийна. Ткъа оццу беттан 17-чохь коронавирусана дуьхьал къийсам болош, шога карантинан раж юкъаяьккхира. Кхин а хьалхе дуьйна Нохчийчохь бахархошна дихкина дара кIиран деношкахь чуьра арабийла а, транспортах пайдаэца а.