ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кащеев Алексей: Оьрсийчохь 160 гергга медицинан белхахо велла


Оьрсийчохь коронавирусан пандеми яьржичхьана 160 гергга медицинан белхахо велла аьлла, хаам бина "Иэсан тептар" вовшахтоьхначу лоьро-нейрохирурго, "Ординаторская" подкастан авторо Кащеев Алексейс. "Свобода" Радионо бина и хаам.

Тептар официале дац боху цо, цундела иза вовшахтоьхначийн аьтто бац къасто, муьлхачу хьелашкахь ун даьлла, кхелхина уьш.

Кащеевс юха а билгалдаьккхина, могушаллин министралло официалехь йовзуьйтучу статистикех шеконаш ю шен аьлла.

Охан-бутт бовш хууш дара, Санкт-Петербургерчу Боткинан цIарахчу инфекцийн дарбан цIийнехь 120 сов медицинан белхахо хиларх шайца COVID-19 вирус къаьстина. Ткъа оццу хенахь гIалин Мариинскин дарбан хIусамехь 50 гергга вара коронавирусан ун даьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG