ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах 8 кхелхина, ун даьлла 500 ву


ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 8 дархо, вирус кхетта кхин а 500 стагана.
Оперативан штабан зерашца, Дагестанехь кхелхина кхоъ, Къилба ХIирийчохь шиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Ставрополан кIоштахь а, Нохчийчохь а цхьацца велла.

Верриг а COVID-19 инфекцех кхелхина Къилбаседа Кавказехь 130 пациент.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь уггар дукха ун долу нах билгалбаьхна Дагестанехь-116:

Дагестан +116 (2888 ву эпидемии яьржичхьана)
Краснодаран мохк +99 (2 126)
Къилба ХIирийчоь +76 (1 723)
ГIебарта-Балкхаройчоь +76 (1 401)
ГIалгIайчоь +45 (1290)
Ставрополан мохк +41 (1 125)
Нохчийчоь +26 (813)
Кхарачой-Чергазийчоь+10 (549)
Адыгей +11 (252)

Къилбаседа Кавказехь 12 167 вахархочуьнца тIечIагIйина коронавирусан инфекци. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь 232 243 пациент ву ун даьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG