Оьрсийчоьнан Iедалхоша бозуш боцу журналисташ а, оппозиционераш а, бахархойн юкъараллийн а, динан организацийн а векалш набахтехь латтор емалдеш, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн конгрессан векалийн палате чуэцна низаман проект. Векалийн палатин дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхой Энгел Элиот а, Маккол Майкл а инициаторш болчу низаман проектехь билгалъяьхна Оьрсийчуьрчу набахтешкахь латточу а, цIера бовлар дихкина, лецначу нехан а цIераш. Бу царлахь Пичугин Алексей а, Рудников Игорь а, Котов Константин а, Шевченко Анастасия а, Дмитриев Юрий а, Кристенсен Деннис а.
Пачхьалкхан департаментан а, ОБСЕ-н а, дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран организацийн а, Оьрсийчуьрчу "Мемориал" центран а зераш тIехь кечйина ю резолюци.
"Мемориало" политикан тутмакхаш лерина нах катоххий маьршабаха аьлла, Оьрсийчоьнан Iедалхошка кхайкхам бина документа тIехь.
Иштта Iамеркан низамаш кхоллархоша хьехна пачхьалкхан секретарна а, финансийн министрна а, "Магнитскийн актан" гурашкахь шайн декхарех пайдаэцар, политикан репрессеш лелочу оьрсийн официалан нахана дуьхьал санкцеш йохуш.
"Бакъдерг дийцича, Путин уггар а кхоьрург ду иза, - дIахьедина конгрессхочо Маккол Майкла. - Низамах нах хьийзон гIирс бина Путина. Политикан оппоненташна кхерамаш а туьйсуш, журналисташ лакъо гIерта иза... Вай, Iамеркахой, кхера оьшуш дац аьзнаш лагIдинчу нахехьа вешан аьзнаш айдан".