ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелан пурстоьпашна мажош лелор дихкина бохург бакъ ца дина гIалгIайн омбудсмено


ТаIзар кхочушдаран федералан урхаллан (ФСИН) пурстоьпашна мажош а, хьиджабаш а йихкина боху информаци бакъ ца йина ГIалгIайчуьрчу омбудсмено Оздоев Джамбулата, яздо "Кавказ.Реалиис".

Цхьаболчу белхахойн тIехуларчу куьцах бехк баьккхина хила тарло куьйгалхочо аьлла, хьесап дина цо.

Хьалхо хаамийн гIирсашкахь даьржира, керла веанчу ФСИН-ан куьйгалхочо Шатин Максима "ультиматан кепехь дIахьедина, мажош йолу божарий а, хьиджабашца зударий а хьукматехь хила ца беза" аьлла бохуш.

"Кавказ.Реалиин" корреспонденто хаьттича, ФСИН-н векалша комментари ца йира.

Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь дуьйна ГIалгIайчуьрчу ФСИН-ан урхалхочун декхарш кхочушдеш ву ханна Шатин Максим. Приморскан махкарчу коьртачу кхелан пурсоьпан гIовс волчуьра ГIалгIайчу дехьаваьккхина ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG