ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан пресс-секретарь Песков коронавирусан инфекцица дарбан цIийне кхачийна


Пресс-секретарь Песков Дмитрий
Пресс-секретарь Песков Дмитрий

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран пресс-секретарь Песков Дмитрий коронавирусан инфекцица дарбан хIусаме охьавиллина. "Новости" агенталле бина цо и хаам. Цкъачунна хоуьйтуш дац цуьнгарчу хьолах.

Президентана уггар а уллора хьаькам лоруш ву Песков. Цо денна журналисташка дуьйцу,Путинна а, Кремлан урхаллан декъашхошна а хетачух.

ТАСС агенталле дIахьедина Песковс, тIаьххьара бутт хьалха гина ву шена президент аьлла. Хууш ма-хиллара, пачхьалкхан президент Ново-Огареверчу шен резиденцехь вехаш ву дукха хьолехь, цигара схьа дистанцехь цхьанакхетарш дIа а хьош.

Песковн хIусамнана Навка Татьяна а дарбан хIусамехь ю инфекцица. Daily Storm хьостане дийцина цо, хетарехь, ун балхара деанчух тера ду шен цIийндас аьлла.

"Боллу доьзал шогачу изоляцехь хан йоккхуш бара тхан. Сан майра балхахь вара. Дуьххьара иза цомгуш хиларна, суна хета, цуьнгара ун даьлла хир ду."

Охан-беттан юьххьехь публикана гучувелира Песков, инфекцийн лазарех ларвен "вирусан блокиратор" ю аьлла, цхьа гIирс а боьхна.

Зазадоккху-беттан тIаьххьарчу деношкахь COVID-19 вирус яьлла нах охьабахка схьайиллинчу, Коммунарка кIоштарчу дарбан хIусаме воьдучу Путинна улло ваьлла а вара Песков. ХIетахь комментаторша тидам бинера, лаккхарчу даржхошлахь иза цхьаъ вара дистанци а ларъеш, бетах йоьллина маска а йолуш бохуш.

Иштта коронавирусан инфекцица ву Оьрсийчоьнан премьер-министр Мишустин Михаил а, синбахамаллин министр Любимова Ольга а, гIишлошъяран министр Якушев Владимир а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG