ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь коронавирусах кхелхина лор-уролог


Нохчийчохь лоьрийн сихаллин гIо кхачочу республикан станцин коьртачу лоьран гIовс Айдамиров Рамзан велла аьлла, хаам бо республикан могушаллин министраллан инстаграмерчу пена тIехь. Дийцарехь, коронавирусан ун даьлла хилла Айдамировна.

37 шо долу лор-уролог, республикерчу шен белхан накъосташлахь тоьллачех лоруш хилла.

ТIаьххьарчу информацица, Нохчийчохь 813 пациент ву COVID-19 вирус кхетта. Дарба хилла 466, кхелхина исс дархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG