ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь: 813 стаг ву ун даьлла, дарба хилла 464 пациентана


Нохчийчоь, Соьлжа-гIала,2020
Нохчийчоь, Соьлжа-гIала,2020

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а динчу зерашца, лоьраша могушалла зуьйш ву 3 777 вахархочун. 813 стагаца къаьстина коронавирусан инфекци. Дарба хилла царах 464 пациентана, велла 9 аьлла, Нохчийчоьнан могушаллин министро Сулейманов Эльхана динчу дIахьедарх яздо "Чечня Сегодня" агенталло.

Министро кхайкхам бина бахархошка ларлуш а хила, карантинан раж а ларъе, къаьсттина, къаной а Iалашбе аьлла.

Нохчийчохь Охан-бутт карабеачхьана комендантан сахьт ду кхайкхийна. Ткъа оццу беттан 17-чохь коронавирусана дуьхьал къийсам болош, шога карантинан раж юкъаяьккхира. Кхин а хьалхе дуьйна Нохчийчохь бахархошна дихкина дара кIиран деношкахь чуьра арабийла а, транспортах пайдаэца а.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG