ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIехьа-Мартанан кIоштарчу дарбан цIийнан лаборант кхелхина COVID-19 вирусах


ТIехьа-Мартанан кIоштарчу дарбан цIийнан клиникан лаборант Мирзоева Лариса кхелхина COVID-19 вирусах аьлла, тIачIагIдина республикерчу "Роспотребнадзоро". Хаам баржийна "Чечня Сегодня" агенталло. 35 шо долу Мирзоева елла дахначу кIиранан дийнахь.

Маршо Радионо хьалхо хаам бина ма хиллара, Нохчийчохь велла лоьрийн сихаллин гIо кхачочу республикан станцин коьртачу лоьран гIовс Айдамиров Рамзан. Дийцарехь, коронавирусан ун даьлла хилла Айдамировна. 37 шо долу лор-уролог, республикерчу шен белхан накъосташлахь тоьллачех лоруш хилла.

ТIаьххьарчу хаамца, COVID-19 вирус кхетта ву Нохчийчохь 813 вахархо. Дарба хилла 466 стагана, кхелхина 9 дархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG