ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах велла 10 стаг, ун даьлла ву – 510


ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь велла коронавирусан уьнах 10 пациент, цомгашчарна тIекхетта кхин а 510 дархо, яздо "Кавказ.Реалиис". Ун ца даржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а кхоккха пациент велла, ГIебарта-Балкхаройчохь шиъ, Адыгейхь а, Къилба ХIирийчохь а цхьацца кхелхина.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах велла 140 стаг.

Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Дагестанехь - 109:

Дагестанехь +109 (2 997 ву эпидеми иккхичхьана)
Краснодаран махкахь +96 (2 222)
Къилба ХIирийчохь+78 (1 801)
ГIебарта-Балкхаройчохь+74 (1 475)
Ставрополан кIоштахь +51 (1 176)
ГIалгIайчохь +43 (1 333)
Нохчийчохь +28 (841)
Адыгейхь +19 (271)
Кхарачойн Чергазийчохь +12 (516)

COVID-19 инфекци яьлла верриг а Къилбаседа Кавказехь 12 677 стаг ву. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь 242 271 пациент ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG