ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра Iедалан белхахо бехкевина 3,5 миллион сом барамехь пачхьалкхана зен дарна


ГIалгIайчуьрчу Пенсин фондан белхахочунна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх кхеле кхачийна. Иза таIзаре хIоттийна, цо Iедалан 3,5 миллион сом лачкъийна аьлла, яздо "Кавказский узел" агенталло, прокуратуран дIахьедарна тIе а тевжаш.

Талламчийн версица, дуьненахь воцчу шина стеган цIарх пенси хIоттийна хилла цо 2011-чу а, 2018-чу а шерашкахь, харц информаци юкъарчу бази чу а йоккхуш. Иштта, харц банкан картанаш а дахийтина, пенсеш цу тIе дохуьйтуш хилла цо.


Дерриг а цу стага шен кисана диллинарг ду 3,5 миллион сом. Бехкевечуьнна ахча охьадиллийтар тIедожош, кхеле латкъамбина ГIалгIайчуьрчу Пенсин фондан декъо.

Магасан кIоштан кхеле гIуллакх листа дIахьажийна прокуратуро. Хьаькам бехке веш ву Зуламан кодексан 159.6-чу артиклца аьлла, хаам бина ГIалгIайчоьнан прокуратуро шайн сайтехь шинарин дийнахь.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG