Нохчийчуьрчу эпидемин хьолахь вистхуьлучу могушаллин министро Сулейманов Эльхана тIаьххьарчу дIахьедарехь билгалдаьккхина, лоьраша вирус юй хьожуш толлуш ву 3 777 стаг аьлла. "Чечня Сегодня" агенталло яздо цунах лаьцна.
Иштта цо хаам бина, таханалерачу дийнахь коронавирусан ун даьлла махкахь 841 пациент хиларх. 464 вахархо, дарба а хилла, карантинера араваьккхина, кхин цкъа а тесташ йинчул тIаьхьа. Велларг исс стаг ву эпидеми яьржичхьана, аьлла министро.
Могушаллин министраллан хьаькамо хаийтина, иттех сов стаг пехашка садоIуьйтучу аппараташна тIетесна а, кислородаца латтош хиларх а.
Сулеймановс билгалдаьккхина, ун даьллачу нахалахь дукхахбераш 65 шерел тIехбевлла нах бу аьалла.
"Кху хьоло гойтуш ду, кхин а шога карантинан низамаш а, социалан дистанци а ларъян езарх. Иштта бен эпидеми сацалур яц", - аьлла могушаллин министро.
Нохчийчохь Охан-бутт карабеачхьана комендантан сахьт ду кхайкхийна. Ткъа оццу беттан 17-чохь коронавирусана дуьхьал къийсам болош, шога карантинан раж юкъаяьккхира. Кхин а хьалхе дуьйна Нохчийчохь бахархошна дихкина дара кIиран деношкахь чуьра арабийла а, транспортах пайдаэца а.