ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу Сунжа-кIоштахь леррина операци йолийна ФСБ-но


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

Оперативан-талламан барамаш бу дIахьош ГIалгIайчуьрчу Сунжан-кIоштахь аьлла, информаци яржийна Интерфакс-Юг зорбан гIирсо. Бахархошна хьаннашкахь лелар дихкина оцу йолийначу операцица доьзна. Iедалхоша дехар дина махкахошка, шун кхерамзалла цунах боьзна бу, цундела шайн дехкарх нийса кхетахьара аьлла.

Иштта Зазадоккху-беттан 4-чохь Сунжа-кIоштарчу Алкун эвлахь дIаяьхьначу леринчу операцехь вийра гIаттамхо ву аьлла, цхьа жима стаг. ФСБ-н информацица, Дагестанера схьаваьлла хиллера иза. Цуьнца шеца герз а, патармаш а, юург а хиллера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG