ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адыгейхь тезетахь хиллачу 12 стагана COVID-19 ун даьлла


Адыгейн Красногвардейскан кIоштарчу Бжедугхабль эвлахь тезета веанчу 12 хьешаца а, меттигерчу бахархошца а коронавирусан ун къаьстина аьлла, яздо "Живая Кубань" хаамийн гIирсо. Оцу тезета еанчу зудчух даьржина лору ун. Дарбан цIийнан инфекцийн декъе охьайиллина иза.

Ун даьллачийн уьйраш лаьттинчу 200 стагана тесташ йина лоьраша. ЖамIаш цкъачунна кийча дац.

Адыгейхь коронавирусаца ву 271 дархо. Дарба хилла 187 пациентана, велларг 8 ву.

Кхаарин дийнахь лаьрча, COVID-19 инфекци яьлла верриг а Къилбаседа Кавказехь 12 677 стаг ву. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь 242 271 пациент ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG