ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь 505 стаг ву COVID-19 ун даьлла, яхначу буса велла – 6


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу зерашца коронавирусан инфекцех кхелхина ялх дархо, ун къаьстина кхин а 505 вахархочуьнца.
Эпидеми ца яржийта кхоьллинчу оперативан штабан хаамца, Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь шишша стаг велла, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалгIайчохь а цхьацца кхелхина.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун чудеачхьана велла 145 COVID-19 шеца хилла пациент.

Къаьсттина дукха бу керла ун даьлла нах Дагестанехь - 98:

Дагестан +98 (3 095 эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIашт +97 (2 319)
ГIебарта-Балкхаройчоь +73 (1 548)
Ставрополан мохк + 72 (1 248)
Къилба ХIирийчоь +70 (1 871)
ГIалгIайчоь +39 (1 372)
Кхарачойн Чергазийчоь+27 (588)
Нохчийчоь +24 (865)
Адыгей +5 (276)

COVID-19 вирус кхетта верриг а Къилбаседа Кавказехь вошахкхетта 13 182 стаг. Оперативан штабан информацица, Оьрсийчохь ун даьлла ву тахана 252 245 пациент.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG