ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзалехь зударшна ницкъбар талла аьлла Оьрсийчоьнан прокуратуре


"Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах болу депутаташ Милонов Виталий а, Земцов Николай а, Крупенников Владимир а, Юмашева Инга а Оьрсийчуьрчу Инарла прокуроре бевлла, карантинан раж йоьдучу заманчохь доьзалехь ницкъбар алсамдаьлла бохуш, хаамийн гIирсашкахь даржор талла аьлла. Парламентхошна хетарехь, цу тайпанчу информацино "сийсазйоккху доьзалан институт". Депутатийн кхайкхам зорбане баьккхина "Царьград" телеканало.

Юьйцург ю РБК агенталло Iораяьккхина артикл. Цу тIехь авторо яздора, Пачхьалкхан Думан депутаташа Пушкина Оксанас а, Роднина Иринас а, Севастьянова Ольгас а пачхьалкхе дехар дарх, доьзалехь ницкъ бо бохуш, дечу аьрзнийн терго яр доьхуш. Дийцарехь, карарчу шеран Зазадоккху-баттахь йоллу Оьрсийчуьра тешаман телефонехула зIене бевллачу зударийн терахь 24 процентана лакхара ду, Чиллан-баттаца дуьстича.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бакъ ца до, мелхо а чIагIонаш йо цо, тIаьхьарчу хенахь хIусамехь Iазап латтор лахделла бохуш. Министралло динчу зерашца, Охан-баттахь 9 % дара терахь стохкалерачуьнга диллича.

РБК агенталлаца хиллачу къамелехь Пушкинас, латкъамаш бина шен партера коллегаш "моттбеттархой" а, "прогрессан мостагIий" а бу аьлла. Иза тешна ю, доьзалехь ницкъбарх чоьхьарчу гIуллакхийн министралло далийна терахьаш кхачаме дац аьлла.

Хьалхо "Интерфакс" агенталло зорбане дехира Superjob.ru Талламчийн центран портало Оьрсийчоьнан бахархошка изоляцехь доьзалехь юкъаметтигаш хийцаяларх бинчу хаттаман жамIаш. 10 % респонденташа шайн хIусамехь дахар телхина аьллера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG