ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Афганистанехь динчу тIелатарехь пхи стаг вийна, вейтта лазийна


Афганистанан Гардез гIаларчу тIеман кхела хьалха тахана динчу эккхийтарехь мел лахара а пхи стаг вийна, 14 лазийна аьлла, хааме даьккхина Iедалхоша. Яздина цунах лаьцна Маршо Радион казахийн Азаттык сервисо. Иттаннашкахь маьрша нах байина хир бу, я чевнаш йина хир ю аьлла пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-секретаро Ариан Тарикъа.

Афганистанан армин официалан векало бинчу хаамца, тIелатар дина, оьккхуьйтург йоьллинчу машенах пайда а эцна. Динчу зуламах жоьпалла тIелоцуш, дIахьедар даржийна "Талибан" боламан векало. Талибашца йоьзна йолчу "Сеть Хаккани" тобан декъашхой бу динчу эккхийтарна бехке аьлла, дIахьедина Ариана.

Кху беттан 12-чохь Кабулехь бераш дуьненчу дохучу хIусамна герзашца чулилхинчу наха динчу тIелатарехь 24 стаг вийра, шайлахь зударий а, цу дарбан цIийнехь дуьненчу девлла бераш а цхьана.

Оццу дийнахь, Афганистанан малхбалерчу Нанагахар провинцехь стаг дIавуллучу нахана юкъа Iожалхо эккхар бахьана долуш а вийра 32 стаг. ХIетахь "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша шайна тIелецира бехк.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG