ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь дарбан цIийнан коьрта лор дIаваккхийтина белхахоша


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

Коронавирусан ун даьлла нах охьабахка кечйинчу Гуьмсан кIоштан дарбан цIийнан лоьраша а, лорйижарша а де хьалха коьртачу лоьрана тIедиллинера, шайна вирусах ларвен тоьаш доцу барзакъ а, медицинан гIирс а, белхан хенахь юург а хилийтар.

Дарбан хIусаман холлехь хIоттийна протестан акци лазартнен куьйгаллина а, белхахошна а юкъахь девне йирзира. Дарбан цIийнан хьаькамо шена дохку бехкаш тIе ца дуьтура, шен ницкъ берриг дина ша, ткъа юург лоьраша шайна тIелаца мегар ду бохуш.

Республикан парламентан спикер, коронавирусана дуьхьал къийсам латто вовшахтоьхначу оперативан штабан куьйгалхо Даудов Мохьмад кхечира Гуьмсе, конфликт ерзон Iалашонца. Дарбан хIусаман коьрта лор Энгеноев Ильяс даржера дIа а воккхуш, цуьнан метта могушалла Iалашъяран министр лаьттина Ахмадов Муса а хIоттош, дерзийна дов.

ТIаьххьара еарин сарахь бинчу хаамашца, Нохчийчохь ун даьлла ву 865 стаг, дарба хилла 502 пациентана. Велла 9 дархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG