ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инстаграмо схьайиллина Кадыровн аккаунт юха а дIакъевлина


Даудов Мохьмад, Кадыров Рамзан, Делимханов Адам
Даудов Мохьмад, Кадыров Рамзан, Делимханов Адам

Нохчийчоьнан куьйгалхо кест-кеста эфирашка вуьйлуш хилла @kadyrov._95 аккаунт шина денна къевлина а латтийна, меттахIоттийра, амма юха а блок тоьхна цунна. Изза дина, мехкан куьйгалхочо дечу гIуллакхех жигара дуьйцучу агIонашна а, доккхачу декъанна, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан @za_kadyrova_95eng аккаунтана. Карарчу хенахь, церан агIонашка ваьлча яьсса аккаунташ гойту.

Кадыровн дахарх дуьйцуш кхин а агIонаш ю инстаграмехь, масала, @za__kadyrov__95 аккаунт. Карарчу заманчохь иза а къевлина ю.

Дахначу шинарин дийнахь фейсбуко хаам бира, санкцийн "Магнитскийн тептаре" ваьккхинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун масех аккаунт дIакъовларх. Иштта дIаяьхнера республикан куьйгалхочун гонерчу нехан агIонаш а: Делимханов Адаман а, Даудов Мохьмадан а, Висмурадов Абузайдан а, Усмаев Вахьитин а, Хучиев Муслиман а. Еарин сарахь схьайиллира Даудовн аккаунт. Кадыровн гIоьнчас, "Грозный" телеканалан директоро Дудаев Ахьмада хьалхо дийцира, дIакъевлина агIонаш Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIуллакх долуш яцара, уьш лелош кхин нах бара аьлла.

Карладоккху, 2019-чу шеран Мангал-баттахь а блок тоьхнера Кадыровн аккаунтана. 2018-чу шеран Лахьан-баттахь а дIакъевлинера иза. Ткъа фейсбукера а, инстаграмера а Кадыровн шира агIонаш дIаехира 2017-чу шеран ГIуран-баттахь.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал санкцеш яьхна хиларца доьзна дара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG