ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь COVID-19: велла 6 стаг, ун даьлла 517 вахархочунна


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 6 дархо, вирус къаьстина кхин а 517 вахархочуьнца. Оперативан штабан зерашца, Ставрополан кIоштахь кхоъ кхелхина, ГIалгIайчохь шиъ, Дагестанехь цхьаъ.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 вирусах 152 пациент.

Къаьсттина дукха бу ун даьлларш, тIаьххьарчу хаамашца, Краснодаран махкахь – 99:

Краснодаран кIошт +99 (2 418 вара эпидеми яьржичхьана)
Дагестан +97 (3 192)
Къилба ХIирийчоь+72 (1 943)
ГIебарта-Балкхаройчоь+71 (1 619)
Ставрополан кIошт +60 (1 308)
Адыгей +31 (307)
ГIалгIайчоь +35 (1 407)
Нохчийчоь +26 (891)
Кхарачойн Чергазийчоь+26 (614)

COVID-19 ун даьлла Къилбаседа Кавказехь вовшахкхетта яхначу буса а, дийнахь а 517 стаг. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь 262 843 пациент ву вирус кхетта.

Дуьненчохь коронавирусан инфекцех кхелхина 300 эзар дархо. Ткъа эпидеми юкъаяьлчхьана ун даьржира 4 миллион сов бахархошлахь. Дарба хилла 1 миллион 700 эзар пациентана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG