ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь: Ун даьлла 891 стаг ву, кхелхина 9 дархо


Нохчийчохь пIераскан дийнахь бинчу хаамашца, лоьраша толлуш ву 4 109 меттигера вахархо, коронавирусан ун дуй хьожуш, яздо "Грозный Информ" агенталло. Эпидеми республикехь яьржичхьана могушалла зийна 6 517 пациент дIаваьккхина карантинера. Ткъа тIаьххьарчу дийнахь а, буса а 257 стаг изоляцех хьалхаваьккхина.

496 пациентан могушалла толлуш ю лоьраша. Иштта тIечIагIдина, республикехь COVID-19 ун даьлла верриг а 891 дархо хилар а.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь билгалвьалла вирус хиларца 26 стаг. Дарба хилла 502 пациентана, велла 9 дархо.

Дуьненчохь коронавирусан инфекцех беллачийн терахь 300 эзарал тIехъиккхина, ХIопкинс Джонан университетан зераша тIечIагIдарца. Эпидеми юкъаяьлчхьана 4 миллион сов вахархочуьнца къаьстина вирусан ун. Дарба хилла 1 миллион 700 эзар гергга пациентана.

COVID-19 вирусан ун даьлла нах тIех дукха хиларца хьалхарчу меттигехь ю Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ. Цигахь 1 миллион 400 эзар сов вахархочуьнца къаьстина диагноз. Кхелхина уьнах 85 эзар дархо.

Коронавирусан инфекци яьлла нах алсам хиларца шолгIа меттиг дIалаьцна Оьрсийчоьно. Официалан зерашца, цигахь 250 эзар стаг ву COVID-19 йолуш. 2 000 сов ву велларг.

КхоалгIачу меттигехь дIатаръелла - Великобритани. 230 эзар стаг ву цигахь ун даьлла. Кхелхина 33 500 сов дархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG