ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера пхи гIаттамхо лаца кхайкхийна нохчийн полицино


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

Дагестанерчу Эндирей эвлара гIаттамхой хила тарлун пхи жимастаг лоьху Нохчийчуьрчу ницкъаллин структураша, яздо "Кавказский узел" агенталло. Дагестанан дозанашкахь ха дар чIагIдина полисхоша.

"Махкарчу ницкъахошна тIедиллина, полисхошна тIелетарш дан Iалашонца арабевлла Гаджалиев Ханарслан а, Джанарслан а, Гаджимурадов Эльбрус а, Устарханов ИбрехIим а, Хасанханов Рашидхан а лаца аьлла. Зуламхошкахь герз а ду, Нохчийчоьнан лоьмаршца йолчу жимачу машенахь дIасалелаш а бу уьш", - дийцина агенталле чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векало.

Цо бахарехь, кегийрхой Нохчийчу дехьабовла гIерташ хила тарло, я хIинцале а шайн Iалашоне кхаьчна хила а мега.

"Зуламхойх информаци яржийна полицин массо а дакъошкахь. Административан дозанашкахь само латтае, къаьсттина Нохчийчу воьдучу Герзелан постехь", - аьлла, билгалдаьккхина урхаллан белхахочо.

Хьалхо Маршо Радионо яздира, ГIалгIайчуьрчу Сунжа-кIоштахь Бютюкаев Асланан тобанхой лаца дагахь, кхаарин дийнахь оперативан барамаш болийна хиларх. Iедалхоша кхайкхам бира меттигерчу бахархошка, операци ерззалц хьаннашкахь лела мегар дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG