ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Настоящее Время" телеканалан ши журналист велла некъан бохамехь


Михайловский Владимир а, Гавриленко Максим а
Михайловский Владимир а, Гавриленко Максим а

"Настоящее Время" телеканалан "Евзаш йоцу Беларусь" (Неизвестная Беларусь) документалан проектан тобанера ши декъашхо, Михайловский Владимир а, Гавриленко Максим а велла Гомелера Минске вогIучу заманчохь некъан бохамехь. Режиссер Земцова Любовь чолхечу хьолехь реанимацехь ю. Журналистийн машенах кхетта дуьхьал йогIу автомобил.

"Iамеркан Аз" радиостанцица юкъахь "Настоящее Время" телеканал лелочу Свобода Радион медиакорпорацин президенто Флай Джеймис дIахьедина: "ХIара уггар а ирча хаам бу".

"И къона кинематографисташ Iаламат корматалле, къегина, адаман шовкъ гIаттош бара. Беларусера истореш, оцу пачхьалкхах кIезиг евзачу, я йовзанее а ца евзачу аудиторина дийца оха йолийначу проектан цхьа дакъа дара и. Владимиран а, Максиман а кхалхар - дуьне дассор ду. Халахетаран дакъа до оха церан доьзалшца. Селхана йина де хиллера Любовин. Тхо массо а тешна ду, оха доьхур ду, иза тоялийтар", - аьлла Флайс.

Коронавирусан эпидемица къийсам латточу лоьрашна гIо дечу волонтерех кино йоккхуш бара Гомелехь журналисташ. Шайн лаамца орцахбевллачу нахаца цхьана дарбан хIусамна сарралц гIо деш Iийнера уьш.

Чиллан-баттахь йолийна яра "Настоящее Время" проекто "Неизвестная Беларусь" корла программа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG